Free

Гуржи

Text
Mark as finished
Font:Smaller АаLarger Aa

Нагахь со охьакхеттехь, суна тIехьодур дара. Кхерадаларан сурт а йуьхьа тIехь. Хьала ца гIаттало моттуьйтуш, велхаран кеп а хIиттош, со Iуьллуш хилча, гонаха хьийзар дара. ЦIийза а цIийзаш. Цергашца меллаша бедар а лоций, оза а вора. Шен «бегаш» (харц дегабаам), ас сайн бегаш санна, гучу а боккхура дукхахьолахь: со велавалаза ца Iелора, ткъа и мацца а гучувалар дара. Дукха шера хаьара Гуржина и хIума. Сан йуьхьа тIе ма-хьаьжжинехь, хаьара цунна ас лелориг бегашина делахь а, дацахь а. Цундела, айса моттаргIа лелочу хенахь, бертал вужура со, сайн йуьхь цунна ца гайта. Оцунна хир долуш дара, ша моттаргIа хIоттош, Гуржис соьгахьа букъ берзабар а. Сан йуьхь тIехь сан дог-ойла шена гар санна, шен йуьхьа тIехь шен дог-ойла суна а гур йуй хаьара Гуржина.

4

Иштта, вовшен дагара а хууш, сой, Гуржий ловзуш лелаш, гуьйре тIейеара. Куьпара йалташ а дIалистира. Тхан бежана-кежана а йерзийра кIотара. Гуттара а санна. ЦIен-Берд олучу берда йистехь йара и. Берда йистерчу хьуьнхахь. Йуххехь кхин цIенош а дацара. Сан а дийзира цига дIаваха. Сайн Гуржица цхьаьна.

Гуржина-м дукха хазахетара соьца новкъадалар, амма со вогуш вара: дукха вон жIаьлеш дара новкъахь. ДIакхаччалц. ДидигагIеран жIаьлеш. Йалх дара уьш хIетахь, цхьатерра дIахIоьттина. Тхан санна, цигахь дакъа дара Дидиган. Тхоьга боьдучу некъана шикхо бIе метр генахь. Наггахь бен лата-м ца летара уьш новкъа воьдучунна, амма, тIехьаьлхича, чIогIа хьовзавора.

Гуо боккхий дIа а хIуьттий, чукхийсалуш. Жимма ледара хилча, вен а вуьйр волуш, вон жIаьлеш дара. Гуттар чIогIа тIаьхьадовлура уьш жIаьлина. И дара со вогург. Со-м кхура тIе вер вара. Некъа йистехь, СаIидан кха тIехь, кхор бара. ТIевала атта а болуш. Цунна тIекхачале жIаьлеш тIехьаьлхича, водий воьдий, кхура тIе волура со. Цуьнга нисвеллачу хенахь тIехьаьлхича, дукъал тIехьа дIахьулвала кхуьура. Сайца Гуржи ца хилча-м, изза дийр долуш вара со-м цу дийнахь а. Амма Гуржина дан хIума дацара. ХIара дерна кхоьрура вукхара.

ПаргIат садаIа ца ваьхьаш, ма-хуьллу ког байбина, воьдуш вара со. Улледаьлла догIуш Гуржи а долуш. СаIидан кхуре кхуьуш воллура. «ХIинца-м чекхволуш воллура со», – бохург сан дага а теси – «гIалх» айи жIаьлеша. ТIехьа ирхе йара царна. Цундела дукха чехка а ца догIура. Амма догIуш дара. МогIа а бина. Йалхе а.

– Же, дадалахь, Гуржи! – аьлла, сайн доттагIчуьнга мохь а тухуш, дIатасавели со. Дукъал тIехьа хьулвала кхуьур волуш вара. Амма, цигга а ваьлла, вухнехьа хьаьжча, Гуржи догIуш дац. Новкъара дIа а даьлла (жIаьлешна дуьхьал дирзина!), хьаьжкIийн туддарех хьожа а йохуш, дIасахьийзаш ду, шен узарш а деш. Ведда тIе а вахна, ворта а лаьцна, дIа а ийзи. Меттах а ца даккхалора. Вир санна, йоккха хIума хиллера цунах цу хенахь. Ас дика дахош хилар хир дара и.

Ткъа жIаьлеш тIекхочуш дохкура. «Хьоьца кхузахь вала йиш йац сан», – аьлла, кхура тIе вели со.

Хьалха догIуш долу жIаьла цхьа иттех метр хиллал шена гергагIоьртинчу хенахь, цунна дуьхьал кхоссадели Гуржи, «гIалхан» метта йоккха-тоьпаниг санна долу цхьа-ши «гIов» а олуш. Дуьхьал а кхоссаделла, буххера тIа а лаьцна, шен дегI дIанехьа а тесна, шена тIоьхула хьовзош, духанехьа кхоьсси жIаьла. Кхоьссина дIадахийти. Пхи-йалх метр хиллал гена. ТIаккха иза, шийлачу маьхьарца, тапча кхосса доллуш санна, шен тIа хьалхахьа а хьажийна, цIехьа охьадеди.