Йеха буьйсанаш

Text
Read preview
Mark as finished
How to read the book after purchase
Font:Smaller АаLarger Aa

2

Кхаш тIера хьалххе цIабирзира IелагIар. Шина-кхаа дийнахь аха латта дерш буьйсанна тIехь севцира, амма Iелина ца лиира оцу цхьана уьрдан дуьхьа дукъахь буьйса йаккха. Божа берстина биъ сту хилча, цхьана дийнахь аххал бен дацара цуьнан ирзо. Амма озалла халла ирахь лелачу шина старца Iела шина дийнахь а ца велира иза аьхна.

– ЦIа гIур ду вайша, – элира цо Айзега. – Кхана делкъале довла а мега вай. Аьрзуна сагатлуш, болх карара баьлла сан.

Ваша цIера ваьлча, даим цунна сагатдо кхуо… Ша йуххехь воцуш йуьртара ара кIезиг волуьйтура иза. Цкъа-делахь, Iедална ца везара Аьрзу, шолгIа-делахь, дуккха а нах бара цуьнца гамонаш йолуш. Амма, тахана Шела воьдуш, шеца Iела ца ваийтира цо. Цуьнца Маккхал вара, ткъа аха деза ирзо а дитина, Iела вига ца лиира.

Аьрзу цIахь ца карийра. ЦIахь хила йиш йацара цуьнан. Шелахь ши-кхо де даккха дезаш гIуллакх хилла, ваханера и Маккхалца.

ЦIа чу а хиъна Iен дог ца догIура Iелин. Самукъадала хIума дацара мискачу хIусамехь. Дийнахь къеггина малх хьаьжча а, халла cерладолура коре ахкаргаш лецна цIа. Иштта бегIийла дара. Iаьнан дохалла товхано тийсинчу кIуьрой, кIурзаший дуьзна пенаш а, тхов а серлабала башха лууш а вацара иза.

Айза ша аьлла хьолтIамаш йан йуьйлира. Башха, цецах доккхуш, жуьйр къасто ахьаран шорто цахиларна, цхьа кад ахьар текха а хецна, иза мижарг хьакхо йоьлча, сагатделла араваьллачу Iелас кертахь дан гIуллакх лехира. Дан оьшуш, сихо йолуш хIума ца карош, дIаса а хьийзина кех ваьллачу цунна лулахочун Васалан кетIахь цуьнца къамел деш лаьтташ йуьртда Iоса гира. Васалан зуда Мархет цомгаш меттахь Iуьллу дукха хан йара. Цуьнга хьовса адамаш дукха оьхура, амма Iоса ишттачу меттехь шена хьалхенгахь ца гаро цецваьккхира иза. Оцу шина-кхаа дийнахь ша Мархетна тIе ца хIоьттина дела, цига дIаволавелира Iела. Ша тIекхочуш, цунна хезира вукхушиммо йохка-эцар хьехош.

– Дохка суна и хьайн кха, ахь цунах бан пайда бац.

– ХIан-хIа, и хьехо а ца оьшу. Кха дохка йиш йац сан, – корта хьийзабора Васала.

– Ахь хIун до цунах?

– Наха шайчех дийрриг.

– Нах-м шайниш дуьйш-дерзош бу, ткъа хьайниг xIop а шарахь тIе къух долий лаьтта.

– Ас сайниг а охур ду.

– Стенца? Хьан-х кертахь, беа кога тIехь хьайба хьовха, атталла цициг а дац. Ткъа ас хьуна цунах гали хьаьжкIаш лур йу.

– ХIан-хIа, Iоса, латта дохка йиш йац сан. Со лахь, берашна а дезар ду иза. Наха аьтто бахь, охур ду ас, ца бахь, стохка санна, дуьсур шена.

– Делахь хIета, хьайх йохку сан гали хьаьжкIаш схьало.

Васал воьхна хьаьвзира.

– Гурахь лур йу ас…

– Гурралц Iойла дац. Йа сан хьаьжкIаш схьало, йа хьан кха ас сайна оху. Кхо де хан йу хьуна.

– Делах мукъана кхерахьа, Ioca! Ас хIун дан деза цIа дуьззинчу берашна?

– Суна кхаба тIеэгна-м дац хьан бераш? Хьайга кхабалуш доцу синош дуьнен тIе ма даха!

ТIекхочуш воллу Iела а гина, кхин хIумма а ца олуш, дIаволавелира Ioca.

– Ассалам Iалайкум! Суьйре дика хуьлда хьан, Васал!

– Ва Iалайкум салам, марша вогIийла хьо а, – чевно чолакхдина куьг схьакховдийра Васала.

– Муха Iаш йу Мархет, гIоли йуй жимма а?

Iocac догдохийна волчу тIе а гIелвеллачу Васала доккха садаьккхира.

– Ва Дела аьлла гучуйолуш гIоли ма йац цунна-м, Iела. Хьо ирзо аьхна велин?

– Ца ваьлла. Кхана делкъале вер ву.

– Иза-м цхьана дийнахь аххал бен ма дацара, хьо ма хьевели?

– Балла боллучу шина старца ахалац.

– Хьенан сту боьжна ахь хьайчуьнца?

– Чориниг.

– Цхьа сту мукъана а белхьара, цхьаьнца декъа гIyp вара со а. ХIинца дан хIумма а дац. Со санначаьрга шайна болх а бойтий, цунна дуьхьал цаьрга шайн кхаш аха стерчий лора IосагIap. Цхьаммо а со шайна балха ца вуьту. Ioca ву сан кха дIакхалла гIерташ. Цуьнца барт бу ШахьбигIерийн, ХортIагIерийн.

КетIахь Iуьллучу гула тIе а хиъна, луьлла томкех йуза волавелира Васал.

– ГIел ма лохьа, Васал, цхьа Дала дайттинарг дийр ду вай, – цуьнан догъоьцуш, белша тIе куьг туьйхира Iелас. – Иза-м вайн дан гIо долуш гIуллакх дара. Мархет толахьара цкъа.

Васал арахь а витина, чувахара Iела. Боданечу цIа чохь цхьана сонехь, тIехула мекха текхийча санна, эттIа, маьI-маьIIехула тIаргIа арасийсинчу йургIанна кIел меттах ца хьовш аркъал Iуьллура Мархет. Мацах цкъа куьце хилла цуьнан горга йуьхь, хIинца, чохь са доцуш санна, можа, массо даьIахк тIе а йаьлла гора. Йуххехь хи чу боьллина иттех кхор чохь кхийра кад лаьттара.

– Мархет, хьуна гIоли ца хуьлу? – хаьттира Iелас, улло охьа а лахвелла.

Мархета шен йуьхь Iелегахьа йерзийра.

– Iела, хьо ву иза? Иштта дIа Iуьллуш ма йу со-м. Йелла дIа а ца йолу, тойелла хьала а ца гIотту, – сихдинна са а доьIуш, йистхилира цомгашниг. – Массарна бала а бина, гуьйриг санна, Iуьллу-кх. Хьо ма хьевели чу ца вогIуш?

– Деллахь, Мархет, и ирзунан кIайдарг аха гIерташ, кху шина-кхаа дийнахь хьуна тIехIоттарна ледарло ма хили сан.

– Иза-м хIумма а дацара, Iела, ас бехк ца буьллу. Веанчо дан гIo дац. Ас-м, цхьа сингаттам хилла виси-те аьлла, сагатделла хоьттура. Айза а, бераш а хIун деш ду, могаш буй хIорш?

– Дала дика кхобу. Уьш а бу-кх соьца оцу дукъа хьийзаш.

– ХIун дийр ду ткъа, Дала аьтто бойла шун. Тхан кха-м кхушара а денза дуьсуш доллу. Со йоцчу новккъа йу, хIокху берийн да а, вайна ма-хаъара, ах стаг… Тхайн-м ойла ца йора ас, берех дог лозу.

Iелина гира цомгашчун хьех чуэгна кхоьлина бIаьргаш хих бузуш. БIаьргийн кедаш дуьзна, уьш йакъайеллачу беснеш тIехула меллаша охьахьаьлхира. Даим а ненан гIевлангахь Iен йоккхахйолу кхойтта шо хенара Хьоза цунна йуххегIоьртира.

ХIетталц кетар кIел вижина Iийна жима кIант, кIез-кIезиг волуш оцу бухара схьа а ваьлла, Iелина тIе а веана, цуьнан коьртара схьабаьккхина куй шен коьртах буста хIоьттира. Цхьаъ ца лайна дерзина гай дистина, озачу кIантана тIехь йоккха хеталора хIуъу а. Васалан важа диъ бер, ловза дахана, цIахь дацара.

– Шун кха а дуьтур дац вай, стохка санна, – элира Iелас, церан мискачу хIусаме бIаьрг а тоьхна. – ДIадахана шо хала дара массарна а. Нах шайн кхаш аьхна бевлча, шун гIайгIа бийр бу вай.

Iелин месала куй бехха ловзийначул тIаьхьа, иза болчун коьрта а тиллина, йишина гуонах хьаьвзира кIант.

– Йиши, со мацвелла…

Хьозас, кхин йист ца хуьлуш, терхи тIе а йахана, цигахь лаьттачу дечган саьхьара эцна, буйнахь кIеззиг ахьар делира вешина. Шен ахьар буйна а къевлина, вахана, кетара кIел когаш а боьхкина, тIе меттан буьхьиг Iуьттуш, ахьар дууш, дIатийра кIант.

– Мархет, хIума йаалой хьоь? – хаьттира кхин ша хIун эр ца хууш Iачу Iелас.

– ХIума а кхоллу ас-м. Тахана цхьажимма кхорех церг йитти.

– Хьайна йезачун ахь цIе тоьхча, мичча девлла а, йохьур ма йара оха.

– Баркалла, Iела. ХIумма а ца оьшу суна. Хьоза, берех хIун хилла хьажахьа, арайалий.

– Уьш-м цхьаннахьа гIур бацара, нана. ХIинца цIа боьрзу хан хилла церан.

– Хьайга бохург дехьа. Жимма арайалахьа, – йоI арайаьлча, доккха са а даьккхина, шен дегIан ницкъ а гулбина, Iелега йистхилира Мархет. – Iела, дукха хан йу вай цхьаьна лула хьийза. Хьуна со йевза. Да-нана, йижарий-вежарий хIаллак а хилла, цхьа йисина со. Йелча, коьрте хаа нана а, йелха йиша а йац сан. Тезета хьийза вежарий а бац. Ткъа Iожалла дено-дено гергагIерта. Со хIинца дукха йехар йац. Тахана-кхана бохуш, Iа. Хьох, Аьрзух сайн вежарий а тарбина, Iийна. Кху деношкахь, шуьшиъ ца гуш, со йаларна кхерайеллера со.

Хебна чкъор тIелетта цуьнан пхьаьрсан чIу шен каралецира Iелас.

– Ахь дуьйцург хIун ду, Мархет? Цомгаш ма-хиллинехь, леш-х ца хуьлий! Хьуна-м гIоли хир йай.

Мархета шозза-кхузза корта ластийра.

– Суна дика хаьа, Iела, сайгара хьал. Дукха дуьйцуш, хьо сецор вац ас. ЙоI чуйагIахь, дийцаза йуьсур йу. Хьоьга а, Аьрзуга а доцца весет ду сан. Со йелча, суна тIаьхьа сагIина даккха хIумма а дац тхан долахь. Тхан ненах йисина, суна кхаьчна полшу а, тхан дас суна эцна дашо хьалкханаш а, хIокху стага урдона диллина ши туьман пхи сом а – уьш ду со да йолуш. ХIинццалц-м уьш йоIана бохуш, Iийнера со. Йала гергайахча, дIайолларан ойла йан а дийзи. Царах дан дезарг-м кху стага ша дийр дара. Маккхална дегаза ца хилахь, цуьнга, кху хIусаме а вогIуш, ворхI буса суна йеса дешийтар доьху шуьга. Ткъа шуьшинга дехар ду, тезета оьху адамаш совццалц, сан вежарий хилий, тезета хьийзар. Шуна ма хаьа, xIapa стаг а, йиша-ваша доцуш, цхьа хилар… Цуьнан дог а эцалаш…

Iелин бIаьргех кIез-кIезиг лешаш Iийдалу хиш, беснеш тIехула охьа а хьаьлхаш, можалахь къайладуьйлура. Мархетна уьш гарна кхоьруш, охьа а таьIна Iара иза.

– Дала мукъалахь, толур йу хьо, Мархет. ХIокху йалх беран дуьхьа а, хьо ца тойелча йиш йац. Амма Iожалла вайна тIаьхьа а хIоьттина лела. И де тхаьш дийна а долуш дагIахь, ас дуй боу-кх хьуна, хьан весет кхочушдан.

– Дела реза хуьлда хьуна, Iела! Ма Iе, дIагIо. Дукъара цIа веана, кIадвелла хир ву хьо.

КхидIа цомгашчуьнца къамел дан ницкъ боцу Iела, цуьнан Iодика а йина, аравелира.

– Iосас хIун бохура хьоьга, Васал? – хаьттира Iелас, ша хиъначохь луьлла уьйзуш кетIахь Iачу цуьнга.

– Шена кха дохка, бохура.

– Ахь хIун эли ткъа?

– Духкур дац, эли, ала-м. Амма, хIун дер, хаац. ТIейогIучу гурахь йухалург цхьа гали хьаьжкIаш йеанера ас цуьнгара. Йа уьш, йа кха ло, боху, шена. Таро йоьхна ву со.

– Айхьа хьаьжкIаш дIалур йу, ала.

– Ас мичара ло цунна уьш? Со-х тховса берашна сискал йан а цинц боцуш ву.

– Воха ма воха хьо. Вайн рицкъанаш Делехь ду. Наха дIатесна вуьтур вац хьо.

* * *

…Iела цIавирзича, йуург кийчча лаьтташ йара. Очакх тIера схьаэцна боккха цIеста йай цIенкъа а хIоттийна, тIера негIар дIаайъира Айзас. ЧухIоьттинчу кIуьрах дIауьйш, чоме Iаь йаьржира. Дас шена бина дечиган жима мIара а эцна, йена гуонаха хьаьвзира Iумар.

– Саьрамсекх аьттий ахь? – хаьттира Iелас Айзега.

– Аьтта.

– Шина кIантана цхьа-ши хьалтIам йитий, и йай берамца ВасалгIарна хьохьа.

Айза цецйелира.

 

– Вай хIун до ткъа?

– Вай охьадуьйшур ду-кх. Кху дуьненахь мел долу даар хиларх, кхаьллина хIума кийра гIyp дац-кх суна.

Айза, кхин йист ца хуьлуш, берам чохь дечиган кад тIехIоттийна йай а эцна, арайелира.

Йилхина ши бIаьрг цIийбина, цхьа ах сахьт далале йухайеара иза.

IV корта. Йуьртан керла дай

«…Муьлш бу кхузахь пурстоьпаш шаьш? Иэхь, оьздангалла хIун йу, ца хууш, амма карахь дерриг Iедал долуш, бодане нах бу… Цара хIитто йуьртдай а хуьлу оьздангаллех боьхна, халкъо шен йукъараллех хадийна даххаш. Хьалха къуй, зуламхой, айкхаш хилла нах…»

Я. Абрамов

1

Дийнахь сарралц болх бина йуьртахой, шайн къуьданаш дIа а байъина, хьалххе охьабийшинера. ТIедогIучу шаро жимма а рицкъа дохьур ду аьлла догдохийла йерш, мерза ойланаш йеш, набарх булура, ткъа важа дукхахберш, боьхначу аьттоно наб кхета ца буьтуш, бекъачу метта керчаш, ца йогIу наб кхетийта гIертара.

Амма йуьртден Iосин цIенойн кораш, даим а санна, серладевлла гора тховса а. Оцу йуьртахь цуьнан, Шаьхьбин, ХортIин, Товсолтин а цIенош бен дацара тхов тIе гериг йиллина а, корашна ангали тоьхна а. Оцу веаннан цIенош чохь бен ца догура ангалин шиша долу мехкадаьтта даго чиркхаш.

Iосин хIусамехь хьеший бара тховса а. Дилхалахь, лоха Шахьбий, векъана, гIуркх санна, веха Товсолтий, поппаран терхи тIе даржийначу къорзачу истангаш тIе а хиъна, йуучух тIаьххьара кадетташ воллура. Даьттан чохь гIорийначу чIепалгашка наггахь сутара бIаьргаш хьажабора шина хьешо, амма уьш цкъа дIакхалла а гай чохь меттиг бацара.

Миччахьа а адам цхьаьнакхеттачохь саццаза жайнин хабарш дуьйцуш амал йара Шахьбин. Нахе хаьттича, цул суьпий, цуьнга шега хаьттича, цул воккхий Iеламстаг вацара, Яьссин тогIица хьовха, йерриг Нохчмахкахь а. Амма, тховса санна, шаьш кхоъ цхьаьнакхеттачохь йуучунна тIекхевдаш, иза хьалхара дIаоьцуш бен, цкъа а Делан цIе ца йоккхура цо. ХIинца а воллура иза, даьтта а дуьллуш, шура а тухуш кечдинчу гIалмакхан чайнах наггахь къурдаш а деш, ша хьуьжарехь доьшуш волуш мехкаршца шаьш лелийна синкъераме гIуллакхаш дуьйцуш.

– Тхан моллин ши зуда йара, – дуьйцура цо. – Цхьаъ, шега хьаьжжина, къена, важа – иштта, тхан хеннара жима стаг. ХIокху къанйеллачу бажах цуьрриг самукъа ца долу жимахйерг даим а тхоьга бIаьргаш къерзош бен ма ца Iара. Сайн накъостел аьрхо волу со гIуллакх долуш а, доцуш а сих-сиха моллагIаьрга оьхура. Эвхьаза забарш йара суний, оцу зудчунний йуккъехь, амма цкъа а цунах куьг ца Iоьттинера ас. Нахала валарна кхоьрура. Цхьана дийнахь ваха со и йолчу, цуьнца эвхьазвала чIагIо йина. Молла цIахь воций хаьара суна, амма, со чохь волуш и цIа вагIахь а аьлла, бехказлонна сайн карадеана цхьа жайна даьхьира ас.

– Гора, борз, йаI! Веана цIа кхаьчначу моллас, ахь хIун до аьлла, хаьттича, жайни тIерачу цхьана меттигах кхетта вац ша, ала воллийца, – велавелира Товсолта.

– ТIаккха?

– Вахана, дӀакхечи со. ЦӀахь ша йу зуда. «ХӀара хӀун йу хьан пхаьрса кӀел йоллург?» – хаьтти хӀокхо. «Къеначу молланаша нах Ӏехо хӀума, къоначу молланаша зударий Ӏехо хӀума йу-кх», – жоп дели ас. ХӀун дара а, хаац, оцу дийнахь цкъа а ца хиллачу тайпана зудйаьлла хьаьвзи иза. Маьнги йисте охьа а хиъна, шен кера куьг тоьхна, соьга боху: «Схьадоьл, кӀорни, сан кара хаал цкъа!»

– Хиин хьо ткъа?

– Жайна пхьаьрса кIел, ши куьг таIIийна гIовталан кисана а доьллина, вахана, цуьнан кара а хиъна…

НеI йиллина, чоьхьайаьллачу хIусамнанас РебаIата Шахьбин дош къамкъаргехь сацийра.

– Йуург оьший шуна?

– Ца оьшу, ца оьшу! Цкъа кху чу ма гIерталахь, тхо хаза сакъоьруш дохку! – куьг ластийра Товсолтас.

Церан самукъане йаххьаш гича, уьш цхьа лартIехь доцург дуьйцуш бохкийла хиъна РебаIат, резайоцуш корта а хьовзийна, арайелира.

– ТIаккха? – хаьттира Шахьбех хилларг хаа сакIамделлачу Iocac.

– ТIаккха! Стенна хоьтту ахь кхидIа? ТаIIийна мара а воьллина, писволлалц со хьекхийра-кх цо!

– Ткъа ахь куьг ца Iоьтти?

– Стенна оьшура иза? Дерриг а цо ша деш хилча!

Там хиллачу Товсолтас, шен мекхийн мерцхалгех ка а детташ, балдех мотт хьоькхура.

– Делхьа ала, Шахьби, куьйгаш кисана а доьхкина, хIунда хиира хьо цуьнан кара? Цунах ца кхета-кх со.

Хьажа тIе а, логах а даьллачу хьацарна гIовталан тIам а хьаькхна, чайнах буткъа къурд а бина, Iосега хьаьжира Шахьби.

– ГIуллакх галдала доьлча, кIелхьарвала ков дита. Сайга баа аьлча, ас, исс Къуръан тIекIел а диллина, дуй буур ма бара, оцу зудчух айса куьг ца тоьхна аьлла!

– ОстопираллахI, ма саьхьара адамаш ду-кх шу, дан ткъа! – кIажвахана воьлура Ioca. – Ткъа, Товсолта, хьоьгара даьллий ишттаниг?

– Мичара! – корта ластийра Товсолтас.

– ХIара тайпа йакъайелла хьорзамаш ца оьшу зударшна. Царна-м цхьа со тайпа бух безий!

– Вахьа-хьа-хьа! Хьорзам тов! Делхьа, ма нийса элира ахь иза, ала хIай! Вахь-хьа-хьа! – гай лаьцна, шалхаоьхура Iоса.

Товсолтин деган кураллин мерзах мIара хьакхайелира.

– Берстинчу айгIарехь ницкъ ца хуьлий, хаьий хьуна? Берстинчу айгIарх а, озачу кхелах а долало вуон xIy. Хьо-м, цхьанна гучуваьллехь, кIелхьара ца валавала а мегара, ткъа иштта меттиг сайна Iоттайелча, со цIенна чекхваьлла!

– ХIапIуп! Хьо-м вовзара вайна!

– Делхьа дийца, Товсолта, айхьа лелийнарг!

– Дийца дукха хIума а дац иза-м. Со цхьана зудчуьнца лелла аьлла, цкъа цхьа хIума кхоьллира…

– Бакъ мукъане дарий и? – Iосега бIаьрг таIийра Шахьбис.

– Дела цхьаъ хилар санна! Амма ас тIе ца лоцура. Дуй баа хьовзийра. Суьйранна дуй баа цхьанхьа кхайкхинера со. Цига вахале, тхешан хIусамнаний, берашший чуьра ара а даьхна, агана вижира со, когаш чекх а бохуш. ТIаккха, цу чуьра хьала а гIеттина, сайн йоккха стаг чу а кхайкхина, иза хьостуш, цунах куьг-хIума а тоьхна, дуйне ваха со. ДIакхаьчча, Къуръан кховдий соьга, шайн зудчух куьйгаш тоьхна дац алий, дуй баа аьлла.

– Биирий ахь?

– Дера, биира, мохь тоьхна-м. Со аганара гIеттичхьана, сайниг йоцчу зудчух куьг кхетта дац сан аьлла!

– Вахь-вахь-вахь!

– Кхи-кхи-кхи-кхикх!

– ЭхIей, дера эккха шуьша вистина! Ма, со воьдуш а, йалсамане гIyp вац-кх, ван-м. Цхьа хьал цахуучунна моьтту, шу Делан маликаш ду!

Товсолта кхеравелира:

– Хьо Iовдало нахе дуьйцурий уьш?

– Iелур вац дийцаза!

– Уьш-м къона долуш лелийна, дIадевлла хIуманаш дара, Товсолта, – куьг ластийра шеквоцчу Шахьбис.

Гайшна там хиллера. Цхьа самар чай мийлира. Забарш а йира, Iосин йуьхь шен даим а хуьлучу суьрте йирзира. Томкано маждина бIоржамаш санна долу мекхаш, куьг хьаькхна, шардина, цIен ши бIаьрг Товсолтина тIебуьйгIира цо.

– Забарш – забарш йу, кIентий, ваьш дIадохале, цхьа гIуллакх къастаде вай.

ХIусамден карахь жижиган дакъа гича, ши лерг ойъий, мотт боккхий, цергех хиш туьйсуш, цIога а лестош, кIегархуучу жIаьлех терра, шен сутара бIаьргаш Iосега а хьовсийна, сецира Товсолта.

– Iаьрчхехь сайчуьнца доза долу дерриг кхаш эцна ас. Амма уллохь Васалан ши урд хиллал меттиг йисина. ДIадаханчу шарахь а ахаза йисина иза. Дохка реза а вац. Цуьнгара и схьадаккха некъ карабейша суна.

Ши хьаша ойлане велира.

– Цхьа бахьана ца хилча, хала хир ду, – жоп делира Шахьбис, дикка ойла йиначул тIаьхьа.

– Бахьана-м долуш дара. Кху Iай соьгара йухалург йаьхьна цунна тIехь цхьа гали хьаьжкIаш йу сан.

– Кхин хIун некъ лоьху ахь? – куьг ластийра Товсолтас. – Хьуна схьайала хьаьжкIаш цуьнан цкъа а хир йац. Ахий, тIекIелтаса ахь ирзу.

– ГIуллакх шарIе даьлча, дIадерзо хуур дуй шуна?

– Иза-м дийца а ца оьшура! – хадийра Шахьбис. – ТIехула тIе, дукха хан йоццуш хилла бусалба а ву иза. Йа ирзо цо даьккхина а дац. Стундех дисина.

Товсолтас, резахилла, корта таIийра.

И гIуллакх чекхдаьлла лерира Iocac.

– Кхин а ду цхьаъ, – долийра цо, жимма Iийна. – Аьрзуй, Маккхаллий стенга вахана, хаьий шуьшинна?

Цо и стенна хоьтту хиъна, ши хьаша сема хилира.

– Деллахьа, ца хаьа суна-м, – белшаш саттийра Товсолтас.

– ТIехьа aгIop вахара бохуш, хезна суна, кхин муьлхачу йуьрта вахна-м, хаац, – кIелхьарвелира Шахьби.

– Кху Iай дуьйна дуьйцу, марха даьстича Iедална дуьхьал тIом болабо бохуш. Марха даьстина а даьлла, уьш меттахъхьовш а бац. Церан дагахь хIун ду ца хууш, сагатделла округан начальникан.

– Цунах-м кхоьрийла йацара, – корта ластийра Шахьбис. – Цара вовшахдеттачу гIуллакхан коьрта тхьамданаш кху Iай лецна. Бисинчех дукхахберш царах дIакъаьстина. Суна хетарехь, тIамна цара вовшахдетта гIуллакхаш, кхин ваьштадогIур доцуш, даьржина.

– ХIан-хIа, хIуъу делахь а, къайллаха цхьаъ вовшахдетта цара. И хаа деза вайна.

Шахьбис доккха садаьккхира.

– Хьо стенна гIелвелла? – хаьттира Iocac.

– Оцу гIуллакхашна йукъагIерта лаац суна, Ioca.

– ХIунда?

– Хьуна шера хаьа, шайн гIуллакхна айкхваьлларг, йамарт хилларг виэн цара Къуръан тIехь дуйнаш биъна хилар. Доцца аьлча, xIapa дуьне дезачу со хIинцца ваьлла.

Шахьбина тIетовш, корта теIабора Товсолтас.

Iоса оьгIазвахара.

– Даа бепиг а, ловзо чкъург а – шиъ хир дац шуна. Чай, борззий вовшахлоьтуьйтуш, шаьш даьттан гуьмалк йууш, гIуллакх чекхдер ду шуна моттахь, и бакъ хир дац.

Товсолтел майро волу Шахьби цавешаш велавелира.

– Хаац боху дош деши ду. Хьуна а тоьлу иштта Iийча. Хьан мекарло бахьана долуш, ца вуьйш, таханенга ваьлла хьо, амма адам цкъа а ца хиллачу тайпана дера ду хIинца. Наха ловзор вац хьо.

– Тола-м, ша витахь, IадъIийча тоьлу, – корта теIабора Товсолтас.

– Дика ду, хIета. Ас начальнике эр ду-кх, Iедало хIоттийначу моллас а, къедас а йуьртахь низам латто суна гIo ца до.

Iосин ши хьаша гIелвелира. КхоалгIаниг новкъа вара царах хIоранна а. Шиъ цхьаьний бен ца хилча, атта хин болу барт, ца хуьлуш, бахбала буьйлира. Ши хьаша, дуьхьало йан ца хIуттуш, дIатийра. Вешех а ца тешачу йаьлла xIapa зама. Ткъа Iocex тешийла йанне а йац. ХIокхунна башхо йац шен да а, ваша а, доьзалхо а. И царна хуу дукха хан йу. Къа ца хеташ, тангIалкхах хьала-м дера уллур ву. Амма Iедалал а кхераме бу вуьш. Дика-м, шина а агIорчарна гIo а деш, чекхвалавелча дара. Кхаъ ца кхачахь а, цIока-х Iалашлур йарий. Йуххехь теш волуш мукъана, хIунда хоьтту хIокхо…

Воьхна хьийза ши хьаша кIелхьарваьккхира, хьерадовла санна, арахь лета девллачу Iосин жен-жIаьлеша. Араваьлла хIусамда сихха чувеара, ХортIа а валош.

– Ванах, боккха болх бу-кх иза! Сох дуолаза дуьсуш дохку-кх и жIаьлеш. Эцца хьо ара ца ваьллехь, верина, кескаш йина, охьавуьллура-кх цара со. Ой, хьо волчохь-м хьеший хилла! Ассалам Iалайкум!

– Ва Iалайкум салам!

Шахьби а, Товсолта а шаьш Iачуьра халла хаалуш меттахъхьайра. Лепачу баьццарчу атлазан гIовталций, хечиций шур-шур деш, чучча ши ког боьллина, охьахиира ХортIа. Цо коьртара месала куй дIабаьккхича чиркхан серлонехь къегира кIесаркIаг чохь а, лергаш тIехула а цхьа масех чо бен ца буьсуш тилла, йоьзан тас санна, къегина боккха корта.

– ТIаккха, Шахьби, Товсолта, шу могаш деца? Керташкахь сингаттам боцуш Iа-кх?

– АлхьамдулиллахI, Дала дика кхобу. Хьо цIа маца вирзи?

– ХIинцца. Охьавижале, цхьана гIуллакхна Iосех дагавала-те со аьлла, веана.

– Тхох лачкъийна хIума-м дац?

– Мичара! Мелхо а, шу цхьаьна карийна дикахо ду. ТIаккха, Iоса, керташкахь сингаттам боцуш Iай? Йуьртахь хIун ду керла?

– ХIума дац. Дийцахьа, хIун ду оцу БоргIанехь хилларг?

– БоргIанехь, дера, цхьана нахана чIогIа сингаттам ма баьлла. Оцу самара чохь чай дуй-те? Цхьа кад мер бара ас.

Iосас, кеда чай а доьттина, шура а тоьхна, тIе даьтта а диллина, дIакховдийра цуьнга. ХортIас, шен дерстина балдаш горгдина, тата доккхуш xIyп аьлла, чайнах боккха къурд бира.

– Делахь а, вайна дуьйцу ма-хаззара, доккха хIума-м дац цигахь хилларг. Кхо-диъ де хьалха йарташка напха деха бахана богIу мутаIеламаш Гуьмсений, БоргIанений йуккъерчу тIай тIехь чIерий леца вахана вогIучу Iумхан-Юьртарчу шина гIалгIазкхичунна дуьхьалнисбелла хилла. МутаIеламаш, цхьаъ воцург, цIуьхIарш хилла, кху шарахь дуьххьара хьуьжаре баьхкина. ХIорш шайна тIенисбелча, цкъа хьалха, хIорш сийсазбеш, йаппарш йина, тIаккха, кхин хIай-жуй доцуш, тIевеанчу гIалгIазкхичо цхьа кIант, кIел ког тосуш дIатеттина, йуьхьарвахийтина. Воккхачу мутаIеламо куьйгаэшара, оцу берана хIунда тоьхна ахь, хьайна лата лаахь, шех лата аьлла. ТIаккха гIалгIазкхичо, цхьана буйна xIoкхуьнан шаьлтанан мукъ боьллина, вукху куьйга тIара далийтина. XIapa шиъ тийсалуш воллуш, шолгIачу гIалгIазкхичо кертах баьккхина хьокха тоьхна тIехьахула коьртах. Тентакваьлла мутаIелам ша волччу голаш тIе охьалахвелла. Коьртах оьху цIий йуьхьа тIехула охьадоладелча, хьалаиккхинчу цо цхьанна пхьаьрсах, вукхунна настарх шаьлта тоьхна. ТIаккха шина гIалгIазкхичо орца аьлла. Карахь шаданаш, дагарш, тоьпаш йолуш хьуьнхарий, йуьртарий схьахьаьлхина гIалгIазкхий гича, дIасабевдда хIетталц кхерабелла лаьттина цIуьхIарш. ТIаьхьабевллачу гIалгIазкхаша кара мел кхаьчначунна йиттина. Масех топ кхоьссина берашна, цхьадика, цхьанне а кхетта йац. Корта бойна мутаIелам вала воллуш Iуьллу, веа кIентан пIендарш кегдина. Цхьана гIалгIазкхичун чов луьра йу, важа дIалелаш ву, боху.

 

И тайпа девнаш къаьсттина дукха хуьлура Соьлжа-ГIаларчу базарахь. ГондIара йарташкарчу нохчаша кхуза базара кхоьхьура шайн йалта, хасстоьмаш, стоьмаш. И ца тара гондIара станицашкарчу гIалгIазкхашний, гIаларчу совдегаршний. Вуьшта а вовшашка безам боцчу нохчийн а, гIалгIазкхийн а вовшашца дов ца долуш цхьа а базаран де ца туьлура. ДIайаханчу гурахь Соьлжа-ГIала базара ваханчу Шахьбина хьалхха ишттачех цхьа дов доладелира, даим а санна, цхьа пайда боцчу хIуманна тIехула. Цхьана нохчочо ша дохка деана дечиг хийцинера гIалгIазкхичун хорбазех… Хорбазаш ах вордан тIехь, вуьш лаьттахь Iохкура. ГIалгIазкхичун ворданара хорбазаш шечунна тIе а йехкина, лаьттарниш тIейотта волавеллачу нохчочунна бетах буй туьйхира гIалгIазкхичо. Уллохь лаьттачу нохчочо буй балийтира гIалгIазкхичунна. ТIаккха шаьлтанаш йаьхна схьахьаьлхира базарахь болу шина а къомах нах. Буйнаш, гIожмаш, кара мел йеанарг вовшашна йетташ, уьйриг хилла хьаьрчира уьш. Виэр-ваккхар ца хуьлуш дIадирзира и дов, полиций, цига нисвелла полковник Чермоеввий йукъа а воьлла.

– Хьай, Делан мостагIий, йаI! Дала хьукма долда царна!

– Ткъа и шун бераш-м ца хилла цаьрца?

– Хиллера, дера, уьш-м.

– Зиэн-зулам доцуш дисний?

– Жимма буй-тIара-м кхетта, кхин чов йац.

– Мел-йаI! Хила-м гIеххьа болх хиллера хьуна!

ОьгIазвахана ХортIа Шахьбига дIахьаьжира. Меха йохка ирйеш санна, шен сирачу мекхийн йуьхьигаш а хьийзош, гоьла тIе баьккхина ког а ловзош, аркъал гIайби тIетевжина Iуьллура Шахьби. Халла хаалуш делакъежначу стаммийчу, хьеначу балдашна йуккъехула схьакъедара можа, баьхьанаш санна, шуьйра цергаш. ОьгIазечу бIаьргаш чохь дог Iабар а, къайллаха воккхавер а гора.

– Хьо суна тIе а ма къерза, – элира цо, цавешаш йовхарш а тоьхна. – Хьайн ши кIант, соьга ца вала, вадийна БоргIане вигира ахь. Мидалш-молла, хIун, сол Iилманна лакхаваьлла дира ахь иза? Суна хаьара, хьаьвззина хьо сайна тIе вогIур вуйла!

Чай довха хилар диц а делла, цIеххьана боккха къурд бина вагийначу ХортIина сихъиккхира. ГIовталан кочера ветанаш дIа а даьхна, гIина диллинчу мекхех куьг а хьаькхна, Шахьбина тIевирзира иза.

– Тохарлера Шахьби вац хьо хIинца а?

– Делора ву со-м, тохарлерра Шахьби! И дац ткъа со воккхавевийриг.

– Хьалхе ду хьан воккхавер. Хи тIе а кхачале, шарбал дIайаьккхина бохург ду ахь лелориг. Сан шина кIантана цIоганах цIулла сара ца бетта мега ахь, – ХортIа толаме Шахьбига хьоьжура. – Сан берашна кхин цкъа а хьуьжаре гур йац, Шахьби. Зама хийцайелла. ЦIен кIархаш буьйхина, дIайаха шун зама. Шун жайнаша нах бийр бац сан кIентех. Цхьа кица ду-кх, хьо тIехиъначу ворданан ден илли ала, бохуш. Вай керстанан вордана хевшина. Со церан йир ала воллу.

ХортIас къедочух ца кхетта, чохь берш цецбевлла цуьнга хьаьвсира.

– ХьастагIа Соьлжа-ГIала меха ваханчу хенахь сан хьешаша дийцира соьга цигахь вайн берашна деша йиллина оьрсийн хьуьжар хилар. Цара ишкол олу цунах. Цигахь Iамориг оьрсийн Iилма ду. Воккхахволчу кIантах Асхьабах-м Iилманча хир вацара, Петарбухе вахийтича а. Иза сайца туьканахь а сацийна, важа, жимахверг, цига деша дIавала сацам хилла сан. Ахь хIун олу цунна, Iоса?

– Iаламат дика хир ду! Сан а делира цига дIадала бераш, ас минот йоккхуьйтур йацара цаьрга цIахь!

– Ловдин кIант ваийтахьа сайчуьнца.

– ДIаваьллахь! Суна лууш ца хилча-м, хIуьттаренна а вохуьйтур вара цо иза, амма, суна лаьий хиъча, цига ца вахийта, цунна урс хьокхур дара цо! И гIуллакх дика дагадеана хьуна, ХортIа.

Хьийзош йуккъедевлла деза суьлхьанаш хьарччийна буйна а доьхкина, кIегархиира Шахьби. ТIай тIе гIортийначу бугIичух цIийбелла ши бIаьрг, схьаэккха санна, къаьрзинера. Халла хаалуш йегайора некха тIе йижина кIайн, шуьйра маж.

– Хьуо Делах ваьлла-м дукха хан йара хьо, хIинца оцу берах а мунепакъ ван ойла йу хьан? – тIечевхира иза ХортIина. – Вуьшта, дуьйцу хезча а, иэхь дац иза? Керстанан кара бер ло, ша хьера ца ваьлча?

– Шахьби, ас хьоьга хоьттуш хIумма а дац, вист ца хуьлуш Iехьа.

– Соьга хоьттуш хIума хьан хIунда дац? Кху йуьртахь дин латторах, шарI латторах Далла хьалха жоп дала дезарг со вац? Хьо, велча, лийчо везарг, дIаволла везарг со вац ткъа?

– Ой, сол тIаьхьависа а ойла йу хьан? – велавелира ХортIа. – Хьайна ши-кхо аьрша маша йа цхьа шекаран корта белчхьана, ахь-м хьакха а лийчор йарий-ц!

– Забар – забар йу, ХортIа, амма цхьадолчу хIуманаш тIехь Шахьби хьоьга бакълоь, – гIуллакх забарна тIера дIадала доллийла а хиъна, маслаIатна йукъавуьйлира Товсолта. – Гирзаш даьллачу цхьана уьстагIо жа талхийна, бохуш ду. Хьан кIант ахь керстанийн буйна дIавелча, иза, бусалба динах а, нохчийн гIиллакхех а хаьдда, цIа воьрзурий-те, бохий цо-м. Харцахьа ма ийзал ахь.

– ХIай-хIай! Керстанний, бусалбанний йуккъехь цкъа а хир бац машар. Вайн дай, йижарий, вежарий, доьзалш байъинчу, вайна xIapa дуьне къийдинчу оцу Делан мостагIийн кара Iамо доьзалхо ло ткъа? – мохь хьоькхура Шахьбис.

Томкин кIуьро маждинчу сирделлачу мекхех куьг а хьоькхуш, вист ца хуьлуш, девне ладоьгIуш, тевжина Iен Iоса охьахиира.

– Хьо харцлоь, Шахьби, – цуьнан белша тIе дайн куьг туьйхира цо. – Цхьана aгIop-м, бакълоьра хьо, амма, дIа ойла йича, харц ву. Вайн мохк дIалоцуш оцу оьрсашна гIо диначу кIеззигчу нахах цхьаъ ву со. Дуьххьара цаьргахьа ваьлларг со хила а мега. Со царна тIевоьдуш а ца безара суна уьш бIаьрга бан, хIинца совхе а ца беза. Амма, эз-эзар шерашкахь вайн къам дахарх, уьш вайн кочара бевр бац. Суна уьш кху aгIop ма-гIоьртти хиира цаьрца вай ларор доцийла, шена дуьне дезарг цаьргахьа хила везий. Вай цхьадолчарна тоьлург, оьрсаша куьйгаш тоьхча, хелха а дуьйлуш Iер ду. И цахуург кхоччуш Iовдал ву. ТIехула тIе, Шахьби, хьо кийрахь жимма вехко хета суна. Цкъа марах даьрий-те хьуна и? Ас ца элира олу дац вайн. Шу дерриш а сан йуьртахой хилла ца Iаш, йиш-вошалахь нах ду. Оцу наха, шаьш керстанашца ларадахь, вай а дуьтур дац кхоийна. Цул, xIapa девнаш ца деш Iap тоьлуш хир ду. Ас бохург аш дой, кху йуьртана тIе а хевшина Iийр ду вай, амма и дан ца лаьа-кх шуна, нах вайна тIе ховшур бу.

– Делархьана, хаа-ц суна-м, хIокху Шахьбис сайга хIун де боху, – дегабааме хилира ХортIа. – Сайн доьзалхо виэн а, ваккха а – сайна луъург дан бакъо йац сан? Далла хьалха ас жоп ма ло цунах. Суна биэн а дац Iедал керста нехан хилча а, жуьгтийн хилча а, иза сайна аьттоне хилчахьана. Хьуьжарехь пхийтта шарахь дешийтича, хIун хир йара сан кIантах? Йуьртан молла. Нехан закаташка са а туьйсуш, беллачийн тIелхигаш а лехьош, лелар ву-кх иза. Оьрсийн школехь дешча, сан кIантах эпсар хир ву. Мичча хенахь суна а, шуна а тIетовжа гIовла. ТIехиндолчун ойла йел аш!

– Со шек ца волу, суо, йоккхачу тоьпа а воьллина, мархашка кхоссарх, – вехьара Шахьби. – Иэхь дац шун, йахь йац шун. Дегнаш дац шун. Вайн дай, йижарий, вежарий байъина, вайн махках чим бина, вайн йаьIни тIе хевшинчу оцу Делан мостагIийн йалхой лела Делах а, нахах а иэхь ца хета шуна. Цара-х вай бIаьн некъал лаха довла ца дуьту. Цара-х, дага йуккъера мохк дIа а баьккхина, кху дийнарг ца кхуьучу кIажа а дерзийна, вайн къам хIаллакдеш лаьтта, уьш-х вай керста дине дерзо гIерта!

– Ой, оццул цаьрга безам боцуш хьо хилча, цкъа топ кхоьссина а, царна дуьхьало ма ца йира ахь? – Iоттар йеш, велавелира Ioca.

– Сан декхар шарI кхайкхор ду!

– Дера, ду, Шахьби, ахь дуьйцург а шалха хабар. Нах мацалла леш бу, боху ахь, ткъа хьуо, масех урд латта дола а даьккхина, дийнна бажа даьхний керта а лаьллина, Iа. Нах Iедална дуьхьалтоьттуш, хьайна йуьстах Iан лаьа хьуна. Нахана цIий а догIуш, хьуна шура хир йац. Цулла а, IадъIе, диканиг, Iедало хьайга боххург нахе дIа а кхайкхош. Оцу хьан багано ваьхьна Сибрех тасахь, цхьана а Далий, диной цIаверзор вац хьо.

Шахьби, дуьхьало йан ца хIуттуш, дIатийра. Тховсалера дов дуьххьара дац йуьртан дайшна йуккъехь. Iедална хьалхахIоьттича, кIеза санна, хьесталахь а, Шахьбина валлал ца безара оьрсий а, цара деана керла Iедал а. Багахь хIуъу бахахь а, хьалхалера маршо йац. ДIадолийна динан муьлхха гIуллакх, Iедална дуьхьал а лорий, молланаш хьийзабо. Дан мел могуьйтучунна сиз а хьаькхна, цул тIехваьллачун Iожалла Сибрех хир йу, аьлла цаьрга сардало. Цхьа а де дац тешам болуш. Бакъду, Iедало боххург деш Iийча, гай тIе мIараш хьоькхуш, таккхал вехийла-м дара. Кху Iай Шелана уллохь хиллачу гIуллакхо дуккха а молланаш кхетаме балийна. Уьш кхиъна шайн некъ оьрсийн Iедалца хиларх. Амма Шахьби кхета тигац. Паччахьан Iедал мел дика делахь а, цунна гергахь иза керстанан Iедал ду, ткъа керстанаш цкъа а шайца машар хила йиш йоцу бусалба динан мостагIий бу, боху цо. Церан Iедало лаьцна вигна цуьнан устаз Киши-Хьаьжа. Шелана уллохь байъина Киши-Хьаьжин уггар тоьлла мурдаш. Сибрех хьовсийна Нохчийчуьра уггар баккхий молланаш. ХIан-хIа, Шахьбин цкъа а машар хир бац керста Iедалца. Машар хир бац цунна муьтIахь болчаьрца а. Амма кхин тIехваьлла хIума дан ницкъ а бац-кх.