Йеха буьйсанаш

Text
Read preview
Mark as finished
How to read the book after purchase
Font:Smaller АаLarger Aa

2

Чувеанчу капитано Золотаревс йуккъехь масех кехат долуш папка хьалхайиллира командующина. Кехаташна тIехула йукъ-йукъа бIаьрг а тоьхна, даьржинчу хотIаца буха куьйгаш а йаздина, папка капитанна хьалхатеттира цо. Золотарев араваьлча, толаме Кундуховга хьаьжира Лорис-Меликов.

– ХIаъ, хьомсара государь, генна хьалха дIахьажа хьо. ТIаккха хуур ду хьуна, со бакълоьй.

Кундухов воккхавиэра долийна къамел дахдан аьтто нисбаларх.

– Со собаре цахиларна бехк цабиллар доьху хьоьга, Михаил Тариэлович, – элира цо, шен сихалла йуха а оьзна. – Уггар хьалха, ламанхо ву со. Ткъа цIий Iац шечуьнгахьа озабезам ца беш. И нохчий кхечу къомах белахь а, сан лулахой бу. Ас цаьргахьа уозарх иэхь дац, моьтту суна. Со тешна ву уьш къарбелла кIелсовцург цахиларх. Хьан план нийса йу, шеко йоцуш. Амма – кхечу къомаца долчу гIуллакхна хIоттийна йелахьара. Ницкъаца, къизаллица къарлур бац нохчий. Нагахь, хьуна ма-лаъара, уьш нуьцкъаха цигара дIакхалхо долахь, дукхе-дукха балхаме тIаьхье хир йу. Хьан плано шовзткъалгIачу шерашка йухадуьгур ду вай. Со тешна ву, хIетахь вайна нохчашца мотт бийца хиънехьара, оцу тIаьххьарчу ткъа шарахь лаьттина цIийIеноран тIом хилла хир бацарх. Изза гIалат йуха а далийта ойла йу хьан? Инарлегара Пуллогара масал ма иэцалахь, хьан локхалла!

Тахана Лорис-Меликов дукхе-дукха цецваьккхинера Кундуховс. Шена хьалха хиъна Iийриг Кундухов ван а вуй-те олий, шеквуьйлуш, леррина цуьнга хьоьжура командующи. ХIинццалц цкъа а цахилларг ду-кх xIapa. Ламанхошкахьа гIoдаха а, нохчех къахета а воьлла. XIapa Кундухов вацара ткъа кхо шо хьалха нохчийн цIий Iанийнарг? XIapa вацара ткъа хIетахь Ичкерехь шен къизаллица гоьваьлларг?

– Оцу нохчашца долчу гIуллакхна хIилла а, само а оьшу. И шиъ ду вайн тешаме союзникаш, – элира Кундуховс, командующи вист ца хуьлуш сецча. – Нохчийчохь керла Шемал ца гIаттийта. Вайгахь хIилла а, само а ца хилахь, гIуллакхаш бохаме доьрзур ду цигахь.

– ШолгIа Шемал кхин хир вац цкъа а, – доцца хадийра Лорис-Меликовс.

– Бакъду-кх иза а. Иштта стаг бIешарахь цхьаъ волу дуьнен чу.

Лорис-Меликов велавелира.

– Хьо нийса ца кхетта ас аьллачух, – корта ластийра Михаил Тариэловича. – Шемалх дозуш дацара хьалха кхузахь хилла гIуллакхаш. Со къера ву Шемал хIокху ламанхойн хьелашкахь майра, хьекъале стаг а, говза администратор а хиларна. Амма, цхьаболчара ма-вуьйццу, говза полководец вацара, аьттехьа а. Вайца тIамехь баьхначу толамашкахь цуьрриг а дакъа дац цуьнан. Летарш а, толамаш бохурш а цуьнан хьуьнаре, говза а, майра а наибаш бара. TIe, хьуна дицделла, сан хьомсарниг, Шемалх дуьнен чохь цIейаххана стаг винарг и нохчий хилар. 1839-чу шарахь Ахульгохь дагестанхойн шайн гIоьнца вай дIа ма-воьллинера иза. Дагестанан лаьмнашкахь шен ворхI накъостца, экха санна, иэккхийна лелош волу иза Нохчийчу кхечира. Кхузахь нохчаша туш делира цунна. Цуьнан ирсана, вайн дакъазаллина, йа нийсса аьлча, массеран а дакъазаллина, дукха хан йаллале Нохчийчохь йукъара гIаттам хилира. Ахь цIе йаьккхинчу Пуллон гIалаташ бахьана долуш. Мацах цкъа французийн революцино Наполеон санна, кхузахь халкъан дарцан тулгIеша айъира Шемал. ТIаьххьарчу ткъа шарахь Нохчийчоь йара цунна тIемалой лург а, кхачанан сурсатийн база хилла лаьттинарг а. Берриг бохург санна, баккхий тIемаш а церан махка тIехь хилира. Цул сов, Шемалан генералитетан уггар тоьлла а, дукхаха дакъа а нохчийн наибаш бара. Доцца аьлча, нохчийн таррийн йуьхьигашца историн анналашна тIе гуттаренна а шен цIе йазйина цо. Шемал саннарг карор ву хIинца а, амма хIетахьлера Нохчийчоь а, нохчий а бац хIинца. Оцу бехачу тIамехь хIаллакьхилла церан хьекъале, говза тхьамданаш а, майра тIемалой а. Бисинарш Шемала талхийна.

– Вай а ца Iийна, куьйгаш тIекIелдехкина.

– ХIаъ, хьомсара Муса Алхазович, хIинца йац хьалхалера Нохчийчоь. Керла гIеттина Шемал шаре а вер вац. Царна лаахь а, ца лаахь а, нохчий санна, бодане, тIаьхьадисина кегийра къаьмнаш даккхийчарна, нуьцкъалчарна кIел ца севцча довлац. Баккъал а аьлча, иза царна шайна пайдехьа а ду.

Ша дIасатехко пресс йуьстаха а йиллина, шен къамелхочуьнга хьаьжира Кундухов.

– Хьо бакълоь, Михаил Тариэлович. Рыцарийн, витязийн зама дIайаьлла. Ахь ма-аллара, ткъа шо хьалхалерниг йац Нохчийчоь. Хьалхалерчу шен оьздангаллех доьхна и халкъ. ХIокху тIаьххьарчу ткъа шарахь шина цIарна йуккъехь латтийра иза. Цхьана aгIop – Шемалан деспотин, вукху aгIop – вайн къизаллин. Шина а агIорчара мало йоццуш дика болх бира, и халкъ таханлерчу хьоле доккхуш.

– Iаламан законаш хийца ницкъ бац-кх вайн, – ши куьг дIасатесира Лорис-Меликовс.

Ши инарла цхьана йукъана дIадаханчу шерийн ойла йан вуьйлира.

3

1839-чу шеран аьхка, шеца кхойтта эзар салти а, ткъе итт йоккха топ а, виъ эзар гергга дагестанхойн милцо а волуш лаьмнашка ваханчу инарла Граббес гуо бира Шемал чукъовлавеллачу Ахульго йуьртана. Буьззинчу шина баттахь турпала дуьхьало йиначул тIаьхьа йуьйхира имаман тIаьххьара чIагIо. Цигахь Iожалла хилира Шемалан йишин, зудчун, жимачу кIентан.

ВорхI накъостца кIелхьарвала аьтто нисбелла Шемал, шен доьзалца цхьаьна йаккхий халонаш а хедош, лаьмнашкахула лечкъаш, ведда, шен доьзалца Нохчийчу веара.

1785-чу шарахь дуьйна схьа оьрсийн эскаршна дуьхьал хаддаза къийсам латтош йара Нохчийчоь. Йуьхьанца цунна коьртехь шайх Мансур вара, тIаккха – массанхьа а цIейахана Таймин Бийболат. Цхьана йоццачу ханна соцура тIом, амма къийсам бацара цкъа а соцуш. Малхбале Нохчийчоьнан бахархоша къобалвина тIелецира цкъа хьалха ГIеза-молла.

Амма инарла барон Розен коьртехь цига йинчу экспедицеша, кхузткъа йурт а йохош, къиза хьаьшира Нохчмахка.

Шемалан имамаллин хьалхарчу пхеа шарахь оьрсийн инарлаш кIезиг гIертара Нохчийчу, амма цуьнан малхбале декъа тIе, Нохчмахка, сих-сиха экспедицеш йора. Цунна шен бахьанаш дара командованин. Дагестанца дерг чекх ца даьлча, хIокху Кавказехь уггар воккха а, нуьцкъала а дуьхьалонча – нохчий – меттах ца хьебеш буьтура цо. Амма, Ахульго йоьжча, берриг а ницкъ Нохчийчу теттира.

ШовзткъалгIачу шеран йуьххьехь Нохчийчохь тIеман-колониалальни урхалла хIотто долийра правительствос, xIop a итт доьзалера цхьацца топ a, xIop a итт стагах цхьаъ амалтана а вийхира. Цуьнца цхьаьна, кхузахь тIеман чIагIонаш йан, ткъа йарташ цига, йаккхийчу тоьпийн биргIанашна кIел, кхалхо йолийра.

ТIаккха Нохчийчохь йукъара гIаттам болабелира.

ГIеттинчу халкъана баьчча вийзира. Нохчийчохь кIезиг бацара майра, хьекъале, хьуьнаре а къонахий, тIеман баьччанаш а. Амма гIеттинчу халкъана ца лиира цхьа стаг къастийна лакхаваккха. Нохчашна гора шайн феодалийн Iедалан Iазапна кIел дохку лулара къаьмнаш. Цаьрца дуьстича, йоккха маршо йолу нохчий кхоьрура цкъа айъина стаг гуттаренна а оцу лакхенгахь висарна, шайна йуккъехь элий кхиарна, цара шаьш, и лулахой санна, Iазапе дохкарна. Нахана дагавеара кхуза ведда веана, Нохчмахкахь а, Органан лакхенца а лечкъаш лела Шемал. Сацам хилира иза гIаттаман коьрте хIотто. Iедалца дерг чекхдаьлча, тIехьа мийра а тоьхна, Дагестане дIахьажо атта хир ду, бохура.

ТIаккха, хьалха санна, дIанислора дерриг а.

Шемала воккхавеш тIелецира нохчаша шега кховдийна имамалла. Дукха хан йара хIокхо лаьмнашкарчу къаьмнех уггар доккхачу, майрачу бIаьхаллин къоман коьрте хIотта а, иза шен буйна долла а цо сатуьйсу. ХIинца вохийначу, шена иэхь динчу паччахьан инарлех а, шена уггар хала киртиг тIехIоьттинчу хенахь, шен дедоьхначу хенахь паччахьан инарлашна гIo динчу, ша махкахваьккхинчу шен махкахойх а бекхам иэца.

* * *

Нохчийчохь баккхий иэшамаш хила буьйлира оьрсийн эскарийн. Шо-шаре мел дели, кхузахь сирла къиэгара Шемалан седа. ХIинца тIекхечира дегIастанхой тIеберзо хан а. Шемала Iаламат говза, хIиллане пайдаоьцура оцу дагца шалхо йоцчу нохчех. Цо хестадора оцу къоман турпала дIадахнарг, кхайкхадора иза кху лаьмнашкахь массо а къомал доккха, майра, нуьцкъала а, оьзда а ду, иза кхечу къаьмнашна коьртехь хила хьакъ ду бохуш. Доцца аьлча, нохчийн дегнаш чу этнически куралла йуттура цо.

Амма, ша Нохчийчоьнан а, Дагестанан а имам чIагIвелла ваьлча, нохчашкара шена кхерам хаабелира Шемална.

Цундела кхузахь хьекъалечу Шемалан политикин коьрта Iалашо йара нохчийн тайпанашний, тукхамашний чоьхьара а, вовшашца а зIенаш малйар, ма-хуьллу царна йуккъе цатешам боллар, шена кхераме хир бу аьлла хета тхьамданаш, къаьсттина – Iеламчаш, йуьстахбахар а. ШовзткъалгIачу шерашкахь цхьацца шеконе бахьанашца, тIамехь а, чIирхоша бойъуш а дIабевлира нохчийн тхьамданаш: Джоватха, Iумха, ШоIип-молла, Соиб, СаьIид-Молла, Элдар, Ших-Iабдулла, Оьздамар, Домби; Кубанал дехьара ламанхой гIовтто а, церан гIаттамашна тIехь куьйгалла дан а хьовсийна Мохьмад-Гери, Мохьмад-Хьаьжа, Сулиман-Молла, Юсуп-Хьаьжа, Мохьмад-Эмин а. Цхьаберш белча, кхиниш Нохчийчуьра дIабевлча, 1847-чу шарахь шегара имамалла шен тIаьхьенга долуш кхайкхо гIоьртира Шемал. Нохчийчохь, Эвтарахь, шен имаматера наибаш а, Iеламчаш а гулбина, цигахь цо дIахаийтира шен ойла. Амма нохчийн наибаш сацамболлуш дуьхьалбевлира Шемална. Хьо велла йа дIаваьккхина, имамаллин меттиг мукъа йисахь, имамалла тур ира долчуьнга дIалур ду шаьш аьлла.

Шемалан имаматан тIаьххьарчу ткъа шарахь цуьнан экономикин бух а, цунна тIемалой а латториг Нохчийчоь йара. Цул сов, Шемалан генералитетан дукхах а, уггар хьуьнаре, говза а тIеман начальникаш бара нохчийн наибаш.

ХIетте а, тIеман гIуллакхаш дуьззина нохчийн наибашкахь дитинехь а, амма царах а, йа нохчийн динадайх а цхьа а шен политикин, идеологин аппаратан органна – диванна – йукъа ца вуьтура Шемала. Диване ховшурш дагестанхойн наибаш а, динадай а бара.

* * *

ШовзткъалгIа шераш чекхдовлуш имаматан лакхенгахь масех «политически парти» кхоллайелира. Уьш вовшашна а, Шемална а дуьхьал йара. Доцца аьлча, шайн-шайн хьашташ кхочушдан гIepташ, интригаш лелайора цара. Оцу партешна йукъабоьлхура султанийн а, бекийн а цIийнех схьабевлла нах. Церан лидерш бара наибаш Дениел-бек Елисуйский а, Кибит-Махьма Каратинский а, Хьаьжа-Мурд Хунзахский а. Цкъацкъа Дениел-бекан партигахьа волура цуьнан нуц волу Шемалан кIант ГIеза-Махьма а. Амма хIокхо лелориг, дений, стундений йуккъехь машар бан гIертар бен, кхин, xIapa ду аьлла, хIума дацара.

 

Оцу кхаа партийн, йа, нийсса аьлча, церан лидерийн шайн-шайн Iалашо йара. Дениел-бека а, Хьаьжа-Мурда а оьрсийн инарлашца къайлаха барт бора, Шемал царна вохка. Оцу йамартлонан мехах шен хьалхалера Елисуйский султанат а, инарла-майоран чин а, цаьрца доьзна сий а, хьал а йухадерзо гIертара Дениел-бек. Ткъа Хьаьжа-Мурд Шемалах Аварски ханство, Кибит-Махьма – имамалла иэца гIертара.

Нохчийн наибаш дакъалоцуш бацара Шемална дуьхьал къайлаха барташний, интригашний йуккъехь. Нагахь Дениел-бек а, Хьаьжа-Мурд а, оьрсийн правительствона Шемал а воьхкина, шайн хьалхалера хьал, сий а йухадерзо гIерташ хиллехь, нохчийн наибийн дацара йамартлонан мехах иэца хIумма а. ХIара тIаьхьарниш оцу лакхенга айъинарш церан хьал а, хьаькамаллин лерамаш а бацара, уьш шайн майраллица а, хьуьнаршца а кхаьчнера цига. Правительствоца барт хилча, дерриг а довра церан, амма хIумма а кара ца догIура. Нохчийн наибаша оцу aгIop шена йамартло йарна ца кхоьрура Шемал. И кхоьрург кхин дара. Оцу къоман доккхалла а, ницкъ а, церан мехкан потенциалан хьелаш а, церан политикин а, экономикин ницкъаш а, и къам кху лаьмнашкарчу кегийрачу къаьмнех дозушцахилар а.

Кхин цхьаъ а дика хаьара Шемална: тIаьххьара и ницкъ кхачабаллалц нохчаша шайн маршонехьа, бозушцахиларехьа колонизаторшна дуьхьал луьра къийсам латтор буйла а, амма, и ницкъ кхачийна, кIелбисча, шех а, оьрсийн правительствох а цхьаъ къасто дезча, ша дIа а эккхийна, уьш мостагIчуьнгахьа бевр буйла а.

Шемалан а, оьрсийн правительствон а политико цатешам а, цабезам а боьллира бIешерашкахь вовшашца вошаллин гергарлонаш хиллачу, цхьанна тIе кхерам, бохам беъча, вовшашна тIетийжинчу нохчашний, дагестанхошний йуккъе.

4

Стоьла тIехь лаьттачу жимачу графин чуьра хи стаки чу а доьттина, сутара дIамелира командующис.

– Мекара а, къиза а политик вара хьан Шемал, – элира цо, бетах йовлакх а хьокхуш. – Доцца аьлча, ламанан Талейран. Къаьмнаш «доькъуш Iедал латтаде» боху ширачу римлянийн принцип йара цуьнан политикин бух. Цо Нохчийчохь и политика дIа ца йаьхьнехь, нохчашца дерг чекхдала хIинца а мел гена хир дара. Церан патриотизм, маьрша ойла йиэн, гергарлонийн зIенаш хедо, халкъан гIиллакхаш а, амалш а хIаллакйан, оцу нохчех шен леш бан Iалашо йолуш, Нохчийчохь нуьцкъаха Iадат дIа а доккхуш, шариIат хIоттийра цо. Атталла церан хьуьжаршкахь бераш Iамо нохчийн молланашна тешам ца лора, цига а дагестанхой балабора. Нохчийчоьнан бахархой вовшашна айкхбийла, шпионаж лело Iамийра. Дуьхьало йинчийн даьхна кортош хуьлура диллина дIа кертийн хьокхаш тIехь дохкуш. Халкъ, талош, чIанадаьккхира наибаша. Адам гIазотан тIаме кхойкхуш. Шемал ца гIеттинехьара, ламанхошний, оьрсашний йуккъехь тоххара машар хилла хир бара.

– Шемалал хьалха шайх Мансур, Бийболат, ГIеза-молла а вара.

– Ламанхойн акхачу фанатизман стом бара-кх уьш а.

Кундухов оьгIазвахара, амма цо, хала сатоьхна, къайладаьккхира иза.

– Оцу тIехь гIалат ву хьо, Михаил Тариэлович, – майрра командующина бIаьра хьаьжира Кундухов. – Хьуна бакъдерг хаза лаахь, кхузарчу ламанхойн, къаьсттина – хIокху нохчийн, цхьа а тайпа гамо ца хилла оьрсашца. Цхьана хенахь нуьцкъалчу кхаа пачхьалкхо – Турцис, Персис, Россис – цхьамма шаьш дIакхалларна кхерам тIекхозабелча, вайн правительствос ахчанца иэцначу йа кхерийначу цхьацца ламанхойн феодалаша Росси къастийра. Хьуна бакъдерг хаа лаахь, Михаил Тариэлович, Къилбаседа Кавказан йуккъерчу махкахь бехаш хиларна, туркошкара, персашкара шайна цхьа а тайпа кхерам боццушехь, Россица уггар хьалха доттагIаллин зIе тесначу Кавказан къаьмнех цхьаъ хIинца уггар дера вайна дуьхьало йеш болу и къармазе, карзахе нохчий а бара хьуна. Цхьана хенахь кху лаьмнашкахь барамехь уггар доккха а, нуьцкъала а халкъ хилла иза. Татаро-монголийн, Тимуран мехкашдIалецархошна къар ца белира уьш. Царна дуьхьал шина бIе шарахь сов латтийначу къийсамо а, тIаьхьа гIeбартойн, чергазойн, гIалмакхойн, дегIастанхойн а феодалаша хаддаза динчу тIелетарша а, гIелбина, гIорасиз бира нохчий. ТIаьххьарчеран тIелетарш вайн правительствон бертахь хилла ца Iара, мелхо а, оцу феодалашна эскаршца а, герзаца а гIо дора. Цкъацкъа нохчийн аьтто хуьлура и шайн мостагIий, лулара феодалаш, шайн йаьIни тIера дIакхийса. Амма линехь болчу вайн воеводаша, Нохчийчу таIзарийн экспедицеш йой, нохчийн дуьхьало а кагйой, и церан мостагIий йуха а церан коча ховшабора. ХIетте а, Россица девне ца бовлура нохчий, ма-хуьллу оьрсашца машар ларбан гIертара. Оцу тIехь йоккха меттиг дIалоцура церан лулахь шина бIе шарахь бехачу Теркан гIалгIазкхаша. Нохчий а, гIалгIазкхий а дика лулахой бара. Йукъараллин дIахIоттам, гIиллакхаш, амалш а цхьаьнайогIура церан. Вовшийн дика гIиллакхаш дIаса а оьцура цара. Вовшашца бертахь, машаре баьхна ца Iаш, вовшашка зударий луш хилла, гергарлонаш а дара. И доттагIалла, барт бохо лаа а ца лаьара царна, йа ойла а йацара. Амма, ахь ма-аллара, вайн правительствон политика вайна дика ма йевза – «къеста а беш, урхалла латтаде». Дукха хан йалале, нохчашна тIелетарш дечу церан луларчу феодалашна гIo дина ца Iаш, нуьцкъаха Нохчийчохь вайн порядкаш хIитто, цигахь колонизаци йан йуьйлира правительство. Нохчийчохь-м хьовха, йерриг крайхь а. ТIаккха Нохчийчохь гучувелира исторехь шайх Мансур аьлла цIейахана Алдара жаIу Ушурма. Иза дIаваьлча, цуьнан гIуллакх йа, вуьшта аьлча, маршонехьа къийсаман гIуллакх шен караийцира церан цIейахханчу баьччас Таймин Бийболата. ТIаккха йехха зIе йолайелира – ГIеза-молла, Шемал. Вайн инарлийн а, чиновникийн а къизалло мостагIалла доьллира ламанхошна а, оьрсийн халкъана а йукъа. Оцу тIехь кIезиг бехк бац вайшиннан а, хьомсара государь!

Кундуховс дуьйцург шена ца хууш, дуьххьара хезаш санна, леррина ладоьгIура Лорис-Меликовс. ЛадоьгIура, амма ойланаш кхечахьа генахь хьийзара. Инарлас дуьйцучо цунна дагайаийтира шен дайн истори. Мацах цкъа, XVI бIешарахь, церан долахь йара Гуьржехара хьоле шахьар Лори. Персин шахийн эскарша сих-сиха тIелатарш дора шахьарна. Цкъа цара дIайоккхуш, тIаккха гуьржийн паччахьаша йухайоккхуш, кар-кара йоьдуш, талайора иза. Оцу талорах кIелхьарбовла гIерташ, 1602-чу шарахь бусалба дине бирзира Лорис-МеликовгIар. Ткъа и шахьар тIаьххьара а гуьржийн паччахьийн дола йаьлча, бусалба дин дIа а тесна, керста бакъдинан тIома кIел бирзира. ХIетахь дуьйна Лориc-МеликовгIapа, шайн синош а, бахам, хьал а лардан гIерташ, дуккха а паччахьаш хийцина ца Iаш, дин хуьйцуш меттигаш а йина. Амма царна а, вукхарна а шаьш кIелнисделлачунна доггах а, тешаме а гIуллакх дора. Иштта тешаме хилира церан тайпа оьрсийн паччахьашна а. И тешам бахьана долуш, ткъе шийтта шо хьалха императоро оьрсийн дворянство йелира Лорис-МеликовгIарна…

– Со-м гIалат хила а тарло, хIетте а, сайна хета кхин цхьаъ а ала лаьара суна, хьомсара Михаил Тариэлович, – кхидIа шен лекци йоьшура Кундуховс. – XIapa ламанхой, къаьсттина нохчий, вайна дуьхьалбахарна бехке вайн эскаршкахь гIуллакхдеш хилла кхечу мехкашкара схьабевлла эпсарш хетало суна. Царах дукхахболчарна бен а ма ца хета Россин а, кхечу халкъийн а кхоллам. Уьш шайна чинаш, титулаш, хьал а лаха ма богIу. Ас буьйцурш дуьххьара Нохчийчу йаьхкинчу вайн отрядийн командираш Кох, Фрауендендорф, де Медем, Кек, Рик, Пьери а, кхечу мехкашкара схьабевлла кхин-кхин а авантюристаш бу. Цара йоккхачу къизаллица хьийшира шайна тIехь олалла латточу гIебартойн а, гIумкийн а феодалашна дуьхьал нохчийн гIовттамаш. И шайн къизаллаш оьрсийн правительствон цIарах лелайора оцу командираша. Ткъа правительствос совца-м мухале а ца дора церан къиза гIуллакхаш, мелхо а, шена хIумма а ца хуучуха, бIаьргаш хьаббой, Iара. Церан болх хета суна шайх Мансур коьртехь Нохчийчоь гIаттар. ХIеттахь вайн правительство кхетаме йеана хиллехьара! Цо и хьере эпсарш, инарлаш йухаоьзнехьара, хIокху тIаьххьарчу иттаннаш шерашкахь шина а къоман цIий Iенна хир дацара. Амма и ца дира правительствос. Оьрсийн пачхьалкхан, оьрсийн герзан сий лардан, цхьанаметтехь диначу къизчу тохарца нохчий къарбарца кхузарчу дисинчу къаьмнийн ишттаниг лелорах догдаккха дезаш хийтира. Амма нохчашна дага а ца догIура къизаллина кIелсовца. Вайн правительствон цхьана къизалло кхин кхуллуш, деха кочар хилира цунах. Шо-шаре мел долу, кIарглора вайн инарлаший, чиновникаший ламанхошна а, оьрсийн халкъана а йуккъехь охку ор. Ламанхошна а, оьрсашна а йуккъехь машар кхайкхочу меттана, царна йукъа питанаш, дIовш туьйсуш, мостагIалла марсадохура. Генна хьалха хьуьйсучу хьекъалечарна гира оцу гIалатан, къизачу политикин хинйолу тIаьхьало. Амма тIаьхьа гира. ТIаьхьа делахь а, кхузахь дIакхоьхьу политика хийца йезар хьийхира цара. ХIетахь, йуьхьанца поэтан Грибоедовн а, тIаьхьа инарлин Раевскийн а, хIинца тIеман министр волчу Милютинан а хьекъалечу хьехамашка вайн правительствос ладоьгIна хиллехьара. Цамзанаш йуьстаха а тийсий, хIокху къоман Iер-дахаран, гIиллакхийн, амалийн хьелашца а дустуш, ларлуш, сих ца луш, кIез-кIезиг вешан йукъараллин дIахIоттам хIокхаьрга тIеэцийта, хIорш мах лело, бахам кхио Iамабе вай, кхузахь школаш, больницаш а йохкуш, хIокхарна йукъа лакхара культура, серло йаржайе вай, бехира цара. Амма правительствос ла ца дуьйгIира оцу хьекъалечу хьехамашка. Мелхо а, тIеттIа тIе алсамйохура къизаллаш. Оцу къизаллаша кхоьллира МансургIар, БийболатгIар, ШемалгIар.

Лорис-Меликовс собаре ладуьйгIира Кундуховн дахделлачу къамеле.

– Иштта-м дара иза, сан хьомсара Муса Алхазович, – элира цо кIадвелла. – ДIадахнарг йухадерзалур дац. Сийлахь-воккха поэт Грибоедов а, инарлаш Раевский, Алексей Дмитриевич Милютин а, цхьана aгIop, къобалбо ас. Амма цара хьоьху некъ, беха а, хала а хилла ца Iаш, оцу заманахь тешам боцуш а бара. Кавказ дIакхалла гIерташ Турци а, Перси а хилла ма ца Iара, малхбузехьара пачхьалкхаш а йара. Уггар хьалха – Англи а, Франци а. Вайн йиш йацара хьоле, стратегин доккхачу маьIне xIapa край вешан мостагIийн карайахийта. Тахана а йу малхбузехьара пачхьалкхаш изза политика дIакхоьхьуш. Вай цхьанне а дIалур йац xIapa край. Вай лелориг Россин а, хIокху ламанхойн а йукъара гIуллакх хилар гойтур ду историно. Дерриг а Iаламан законашца дIадоьду. Уьш хийцалур дац вайга, сан хьомсарниг.

Кундуховс, корта а хьовзийна, доккха садаьккхира.

– Вайша вовшех кхетац, Михаил Тариэлович, – элира цо. – Церан Iер-дахар, гIиллакхаш, амалш, йукъараллин дIахIоттам тидаме а оьцуш, меллаша, кIез-кIезиг российски Iедал кхуза хIоттийнехьара, хIокху ламанхоша Россина дуьхьал цхьа топ а кхуссург цахиларх тешна ву со. Амма вайн правительствос иза ца дира. Цкъа диначу цхьана тохарца дерриг чекхдаккха лиира цунна. ЖамI муха ду? Маситта шарахь, вовшийн хIаллакбеш, тIом, халкъашна йукъахь цабезам, цатешам, мостагIалла а. Нохчийн уггар дикачуьра ах мохк дIабаьккхина. Йеккъа цхьана Соьлжан отделехь биъ бIе эзар десятин гергга цаьргара дIабаьккхина мохк гIалгIазкхашна дIабелла. Доцца аьлча, хIокху тIаьххьарчу шовзткъе итт шарахь церан махка тIе ткъа сов станица а, оццул тIеман чIагIонаш а йехкина правительствос. Кубанан областера, берриг а бохург санна, ламанхой Турце дIакхалхош бу.

– ХIумма а дац, Муса Алхазович, – биэндоцуш куьг ластийра Лорис-Меликовс. – Бухахь биснарш муьтIахь хир бу, уьстагIий санна. Йуккъехула аьлча, инарла, лаьттан гIуллакх йукъадаьлча, массара а и гIалгIазкхий бен хIунда ца хьехабо? Бакъду, мохк боькъуш, лоьман дакъа-м дина царна. Амма ламанхойн латта дIакхаьллинарш цхьа гIалгIазкхий хилла ца Iа. Хьан долахь мел мохк бу, Муса Алхазович?

Кундухов вуьйхира.

– Ши эзар десятинал алсам… Иза нохчийн латта ма дац…

– ХIун башхо йу цуьнан? Вай ламанхой ма буьйцу. Ткъа хIинца беккъа цхьана нохчех дуьйцур вай. Элаша Таймазовссий, Бекович-Черкасскийссий мел дIакхаьллина?

– ХIораннан долахь йалх-ах эзар десятин дуй-те, моьтту суна.

– ХIай-хIай! Циггахь дIадоьллина и жIаьла! Элийн Алхазовн, Турловн долахь шишша эзар десятин, эластун Эльдарован – цхьаъ-ах эзар. Ткъа нохчийн эпсарша ЧермоевгIара, ШамурзаевгIара, КурумовгIара, кхин иттаннаша хIораммо а – шина бIенера ворхI бIе десятине кхаччалц. Важа, шайн долахь шина бIе десятин кхаччалц латтанаш долу совдегарш, молланаш, кхидолу кег-мерса цIубдарш-м хьехор а дацара вай. ХIета, нохчийн бохамна бехке цхьа гIалгIазкхий хилла ца Iа. ГIалгIазкхийн-м бехказло а йара. Уьш-м, нуьцкъаха балийна, охьаховшийна нохчийн махка тIе. Ткъа шун компанис, Муса Алхазович, шайн лаамехь дIа ма лаьцна ламанхойн мехкаш. Шайн вежарех цуьрриг къа а ца хеташ. Иэхь а ца хеташ. Нохчийн цабезам, мостагIалла а беккъа цхьана гIалгIазкхашций бен дац, моьтту хьуна? ХIан-хIа, хьомсарниг, кхузахь гIалатваьлла хьо. Нагахь нохчий гIовттахь, уьш толахь, цара уггар хьалха мийра шун компанина тухур бу! ТIаккха шайн поместьех девлла Iийр дац, сонтачу кортойх довла а мега. Сонтачу коьрто бен дийр дуй ткъа, российски пачхьалкхан бух ласто гIерташ, ахь ден къамел!

XIapa Лорис-Меликов Iаламат собаре стаг вара. Шен дагахь дерг лачкъо хаьара цунна. Кундуховна гуш ма дара оьгIазлоно кхехко цуьнан дог. Лорис-Меликовн метта кхин стаг хилча, стоьла тIе буй а бетташ, мохь хьоькхур бара цо, ткъа хIара сапаргIате ву. Вела а воьлу, забарш йеш волуш санна.

 

– Нохчех къахета, боху ахь? – дуьйцура цо, вела а къежаш. – ТIаьхьа ду, хьомсара государь! Ахь айхьа мел хIаллакбина уьш? ХIай-хIай, хьесап ца дало! Латта доцчу нохчех дог лозу? ХIета, хьо оццул адамалле велахь, лакхахь цIераш йаьхначу элашца а, керла кхоллабеллачу нохчийн помещикашца а барт бай, нохчийн латтанаш царна йухадерзаде! Аш шайн долабаьккхина мохк нохчийн лаххара а шовзткъе итт эзар доьзална логгелц тоьур бу!

Кундухов цхьаъ ала гIоьртира, амма инарла-лейтенанто, омране куьг а ластийна, сацийра. Шуьйрачу букъ тIехьа ши куьг тIекIел а диллина, кегийра гIулчаш йохуш, шозза-кхузза дIаса а волавелла, тIаккха Кундуховна уллохь а сецна, иза тешош тIетуьйхира цо:

– Хьо тIех дика инарла, амма кхин хилча ца маггал бIаьрзе политик ву, Муса Алхазович. ХIокху махкахь российски урхалла хIоттош, правительствос дикка гIалаташ дилийтина хиларна къера ву со. Амма, дерриг а схьалаьцна аьлча, правительствон политика йуьххьехь дуьйна нийса, импери Iалашйарна, шорйарна, чIагIйарна а тIехьажийна йу. Шайх Мансуран заманахь гIевттинчу нохчашна йа тIаьхьа кхечу ламанхошна а правительствос автономин урхалла деллехь, хIун хир дара? Полякашна, малороссашна, гуьржашна, эрмалошна, финнашна, кхеч-кхечарна а изза дезар дара. Уггар хьалха оьрсийн муьжгаша шайна маршо йалар схьахьедийр дара. Халкъаш а, адамаш а оцу тIе ма тоьтту тайп-тайпанчу революционераша, демократаша. Лакхахь дийцинчу бахьанашца, правительствон йиш йац империна чохь дехачу къаьмнашна а, халкъашна а йуккъехь барт а, гергарлонаш а хилийта. Правительствос хIинццалц схьа динарг, дийриг, ден дерг, империн йистошкахь колонисташ ховшор а цхьа Iалашо йолуш ду – хIокху крайхь а, кхечу йистошкахь а гуттаренна а, тIаьххьара а оьрсийн олалла чIагIдан. Къоман а, пачхьалкхан а хьашташ нохчашна, адыгашна, кхеч-кхечарна сагIина а декъна, импери йохо йиш йац. Къаьст-къаьстинчу адамийн дуьхьа – уггар а. И адамаш мел гениальни делахь а, уьш доцуш цаторуш делахь а.